Skip to content

Instantly share code, notes, and snippets.

Show Gist options
  • Save anonymous/626ecf251b30671da7eecebf160f1430 to your computer and use it in GitHub Desktop.
Save anonymous/626ecf251b30671da7eecebf160f1430 to your computer and use it in GitHub Desktop.
Сулейманов ахьмад стихи на чеченском

Сулейманов ахьмад стихи на чеченском - Ахмад Сулейманов. Конах. Стихи.


Сулейманов ахьмад стихи на чеченском



Сулейманов, Ахмад Сулейманович
Сулейманов Ахьмад
Сулейманов Ахьмад. Хьо марша Iойла
Ахмад Сулейманов 1922-1995 гг
Театр


























ТкъолгIачу бIешеран чу шерашкара схьайолчу нохчийн поэзехь къеггина шен исбаьхьаллин дош, шен хатI долуш поэт вара Сулейманов Ахьмад. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис яздина Сулейманов Ахьмадах лаьцна: Сулейманов Ахьмадан поэзи къаьста нохчийн къоман барта кхоллараллин хьу шеца хааяларца, произведенийн чулацаман кIоргаллица, мотт цIена а, хьалдолуш а хиларца, исбаьхьаллин васташ къегина хиларца. Ерриге а цуьнан поэзи юьзна ю вайн чолхечу, карзахечу заманан лазамех, адаман дахаран маьIнех, адаман сийлаллех а, цуьнан жоьпаллех а лаьцна йолчу ойланех. Сулейманов Ахьмад вина чу шеран 1-чу майхь Хьалха-Мартанан районерчу Олхазар-КIотарахь МуртазIелин Сулейманан доьзалехь. Сурташ дахкаран корматалла йолуш хилла Сулейманов Ахьмад. Соьлжа-ГIаларчу художникийн гуламехь хуьлуш хилла иза. Художникийн суртийн гайтамашкахь дакъалоцуш а хилла. Цуьнан сурташ гайтаме дIаэцаран тоьшаллаш хIинца а долуш ду. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь СулеймановгIар Казахстанехь Семипалатински областан Урджарски районан Науалы олучу юьртахь Iийна. Цигахь шарахь кхелхина Ахьмадан да Сулейман. Оцу муьрехь Урджарски районан Аксаковски сельсоветехула Уполнаркомзаган агент лаьттина Сулейманов Ахьмад. Семипалатински педагогически училище заочно чекх а яьккхина шарахь юьхьанцарчу школан хьехархочун квалификаци елла цунна. Науалински школехь хьехархочун болх бина шарахь Нохчийчу цIаверззалц. Сулейманов Ахьмад шарахь Семипалатински пединститутан оьрсийн меттан, литературин факультете заочно деша хIоьттина, амма шен даймахка цIавар бахьана долуш дешар юукъахдаьлла. Нохчийчохь дешаран системехь белхаш бина — шерашкахь: Кхечу меттигашкахь а къахьегна Сулейманов Ахьмада: Сулейманов Ахьмад кхелхина шеран июнан беттан чу буьйсанна Олхазар-КIотарахь. Цигахь дIа а верзийна. Нохчийн литературин бухбиллархочо кIентан дог хьаьстина, хьох поэт хила веза аьлла, шена тIе а диллира цо олий, дуьйцуш хилла Ахьмада. Сулейманов Ахьмадан поэтически кхолларалла эвсараллица кхиа йолаелла чу шерашкахь. Поэтан шен книга дуьххьара араяьлла шарахь. Оцу книгех лаьцна Сулаев Мохьмада яздина: Сборникана юкъаяхна поэтан цхьайолу стихаш, поэмаш хьалха дуьйна а нохчийн периодически зорбанехь араевлла евзина яра дешархошна. Ткъа уьш шайна тIехь дешархойн бIаьрг сецна а, вайн прессо а шен хенахь билгалъяьхна а яра, шайн чулацам психологически нийса, буьйцу мотт говза а болуш, дохкучу суьртийн басарш акварельни куьцехь цIена хиларна. Стихашший, поэмий ю оцу гуларан чулацамехь, иштта оьрсийн литературин классикийн гочдарш а ду. КхидIа арайийлина цуьнан поэзин книгаш: Сулейманов Ахьмад дукха яздан гIерташ ца хилла, амма шен стихан дикаллин гIайгIа беш хилла. Оцу хьокъехь Мамакаев Мохьмада яздина: Хьан дош хир ду дешин меха, Ахь са диллахь цунна чу! Даим дагах кхеташ нехан, БIешарахь и дехар ду! Шаьлтане ца хададелларг Дайша дашца дерина. Нохчашлахь стеган дош цIена хила дезаш хилла, шеца хIилла доцуш, хьарамло йоцуш, инкарло йоцуш. Стаге болу лерам а хилла цуьнан дош шалхе йоцуш хиларе, цIена хиларе хьаьжжина. Поэта а иштта лору дош:. Дош-м дац дош доцург, ГIуллакха-м дац цIена доцург! ЦIаро-м деши а лаладо. Дашо-м дегнаш а лаладо. Деши а дош дац, цIена дацахь…. Сулейманов Ахьмадан поэзин чулацамехь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш ю. Оцу къоман гIиллакх-оьздангаллин лаккхарчу тIегIане кхойкху поэт. Поэта ойлайо оцу кхетаман, цуьнан маьIна дан хьожу иза:. XIap дуьне-м къонахийн белшаш тIехь дай! Цо ларйо дахаре вайн йолу марзо! Къонаха вехийца Даймехкан сийнна, Даймехкан сий лардеш, вала и ле! JIe иза, кхин ваха ца лууш санна, Ленвоцчу сийлалле кховдаеш цIе! Терзан тIе ца дуьллу цо деший, даьхний Халонгахь хадочохь хьуьнаран мах. Ах-дуьне мах болу шен корта буьллу, Вайн маршо ларъечохь caгIa до шех. Къонахийн и собар кхачийча-м, боккъал, XIap маьлхан вайн дуьне духур ма ду! Турпалаллин иллешкахь чIагIдо даймохк безар, кхечу къаьмнашца доттагIалла хилар, вовшийн лоруш, цхьабарт болуш хилар, гIийлачуьнгахьа гIо лоцуш, доттагIалла лардеш стогалла гайтар, адамийн оьздангалла, сий лардар:. Ницкъ хиларх хуьлуш вац яхь йолу дика кIант, ХIилланах хуьлуш вац тешаме дика кIант, Тешамо, гIиллакхо, собаро веш ву-кха, Оьздалло, хьекъало, стогалло веш ву-кха ГIиллакхах вуьззина яхь йолу дика кIант. Иллешкахь а санна, ницкъ, хьал цуьнан хиларца ца хадабо поэта а къонахчун мах. Сулейманов Ахьмада къонах лору шен мехкан лаьттахь хьанал къахьоьгуш волу ахархо а, цо къонах лору тешам, собар, къонахалла кхайкхош волу илланча а, поэта къонах лору даймахка герзаца веанчу мостагIчунна дуьхьал гIаьттина тIемало а. Ахмадов Мусас даладо цкъа шаьш цхьаьна гулделлачохь шуьнехь Iаш Ахьмада аьлла дешнаш: Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш а. Къонахаллин тема поэтан стихашкара поэмашка кхаччалц ерриг кхоллараллех чекхйолуш а ю, нохчийн къоман кхетамца йозаелла а ю. Дайн ламасташ лоруш, цаьрца вехаш, уьш кхидIа а цIинда Iалашо йолуш ву поэтан лирически турпалхо. Даймехкан дуьхьа, халкъан дуьхьа муьлхха а халонаш лан а, Iожалла тIеэца а кийча ву иза:. Даймахке сайн безам гайта, ДоттагIий, аш таро ло! Цуьнан дуьхьа муха веха, Муха ле ас гойтур ду! Сулейманов Ахьмадан поэзи кIорггера йозуш ю къоман гIиллакхашца, ламасташца. Нохчийн хIусаман йовхо, адамийн комаьршалла, къоман оьзда гIиллакхаш тайп-тайпанчу васташца, синхаамийн айамца гайтина поэта. Iаьржа буьйса, буьрса буьйса. Халчу новкъа вогIу со. Сан дин, сой — шиъ дарцо, гIорош, Шело даге кхийдайо. Хьеше кхойкхуш, цхьаннан-м корехь ГIийла серло еттало. Вевзаш вацарх ломахь наха Даим оьцу хьаша чу. Воссал динара, хьаша, хьо! Божлахь сан дин паргIатбаьлла, ХIинца паргIатвер ву со, Кхача кечбеш, марсаяьлла, Пешахь кхерсташ хир ю цIе. Цу кхерчарчу цIарочул а, Хьаша вохвеш, йовхо луш, Ю вайнехан комаьршалла, Ду вайнехан оьзда дош! Нохчийн беркате ламасташ, къоман комаьршо го оцу стихашкахь. Поэтан стихаш къаьсташ ю шайн чулацам а, форма а цхьабосса исбаьхьаллин лакхенга гIерташ хиларца. Иштта ю цуьнан безаман лирика а. Алссам ю поэтан безамах лаьцна стихаш, царах ю: Орцан дукъах дато маIаш Туьйсуш, батто сагатдо… ЦIестан кIудал нохчийн йоIа Шовдана кIел сецайо. Хета баттах схьадухдуьйлуш, КIудал юзу шовдано, Нур-зIаьнаршца безам муьйлу, ЙоIах хьерчаш, цу батто. КIудал юьзна… Iанаоьху БIаьрхих терра дато хиш. Ткъа, йоI гича, дог а лехий, Нохчийн кIанта лоькху йиш…. Ерриг стихотворени ворхI строфах лаьтташ ю, хIор строфахь йиъ стих а йолуш. Стихотворени шина декъе екъало, хьалхара кхо строфа цхьа дакъа ларало, иза авторера ду. КхидIа йолу йиъ строфа шолгIа дакъа ларало. Иза стихотворенин турпалхочуьнгара ду. Еа гIулчах лаьттачу хорейн барамехь язйина стихотворени. Хьалхарчу стихехь а, иштта дIайолчу кхечу шалазчу стихашкахь а акалектика ю — стихан могIа юьззина йолчу гIулчаца стопаца чекхболу, стихан тIаьххьара гIулч юьззина хорейниг ю тохар долу а, тохар доцу а ший дешдакъа шеца долуш. ШолгIачу стихехь а, кхидIайолчу кхечу шалачу стихашкахь а каталектика ю — стихан могIа яцйинчу гIулчаца стопаца чекхболу, стихан тIаьххьара хорейн гIулч йоца ю, тIехь тохар долу хьалхара дешдакъа бен дац. И барам хIор строфахь стихотворени чекхъяллалц ларбина автора. Стихашкара клаузулаш жIарийн хьесапехь а йолуш, зударийн клаузулаш божарийчаьрца хийцалуш ю. Исбаьхьа эпитеташ, метафораш, дустарш цхьа шатайпана цхьаьнаийна ду стихотворенехь, цаьргахула нохчийн гIиллакхаш гайтина ца Iаш, къоман дахаран битамаш кхуллу автора. Дашна говза ву Сулейманов Ахьмад, цуьнан поэзин мотт шеца лаккхара исбаьхьалла йолуш бу. Ша гойтачу хIуманца догIуш доллу исбаьхьаллин дош карадо цунна. Кхечара далоза долу дустар, эпитет я метафора яло хаьа цунна. Цуьнан исбаьхьаллин васт шеца чолхалла йоцуш, аьхна, даге кхочуш, милла а кхетар волуш хуьлу. Хаза полла, къорза полла, Бай тIехь дургал гулъеш лела, Бай тIехь дургал гулъеш лела. Полла шена тIелахбелча, Зезаго и эсала хьосту. ТIера полла дIагIаьттича, Зезаг цунна тIаьхьа леста. Цу зезаг тIе полла санна, Леста денна со хьо йолчу. Цу урчакх тIе чилла санна, Хьан безам сан дагах хьерча. Полла санна яй ю и стихотворени, еша а, шех кхета а атта ю. Исбаьхьа кхоьллинчу Iаламан суьрташкахула гучуйоху кхузахь лирически турпалхочун безаман шовкъаш. Можа хьоза, хаза хьоза, Сарахь, Iypa, ломахь, арахь — Даим хеза цуьнан оза, Цуьнан оза даим хеза. ЙогIу Iуьйре, юлу суьйре, Цу ламанца, цу аренца Даим хеза зевне оза, Зевне оза даим хеза. Хьоза декаш хезча сайна, ДагайогIу езнарг суна. Иштта говза дека хьоза, Дека хьоза иштта говза. Турпалхочун самалхадалар вайга а кхочу. Сирла, екхна ойла кхоллало стихотворени ешча. Говза дIахIоттам бу стихотворенин. Еа строфах лаьтташ ю иза, хIор строфахь йиъ стих а йолуш. Массо а строфахь кхоалгIа стих боьалгIачу могIанехь юхаялийна, шишша дош шайн меттигца хийца а хуьйцуш. Масала, шолгIачу строфан кхоалгIий, йоьалгIий стихаш:. ХIокху стихотворенехь массо а строфахь тIаьххьара шишша стих ю оцу поэтически гIирсах пайдаоьцуш кхоьллина. Оцу юхааларша цхьа шатайпа аьхналла ло стихотворенина. ЦIенчу хорейн барамехь ю стихотворени, хIор стихехь йиъ гIулч а йолуш. Стих екар а говза нисдина поэта. Зевнечу аьзнийн аллитераци ю стихашкахь. Юккъера рифмаш ю стихотворенехь, уьш а зевнечу аьзнех лаьтташ ю: Ала мегар дара, оцу тIерачу можачу хьозанан аз санна, зевне ека стихотворени. Цу тайпана, оцу дерригено а кхоьллина стихотворенин исбаьхьалла. Лирически турпалхочун безаман шовкъаш гучуяхарехь шайн маьIна ду оцу поэтически гIирсийн. Сулейманов Ахьмадан безаман лирикехь оцу синхьегаман тайп-тайпана агIонаш гучуйовлу. Поэтан лирически турпалхочуьнан безам даим а бац шен лаамашка кхочуш. Цунна безаман марзо евзина ца Iа, шен безамна жоп ца даларан къахьо а евзина цунна. Делахь а хIумма а кIоршаме, оьгIазе вац иза шен безам дIатеттинчуьнца. Сан дуйнех, бIаьрхих а хьо ма ца тийши. Ницкъ боцуш виси-кх со хьан ойла еша! Дахарехь вайшиннан ца хили йоза… Со вицвеш, кхин везна, ехийла гIоза! Хьайн тойне со вехар ас хьоьга доьху: Лаьар-кх цкъа тIаьххьара хьоьга бIаьрг тоха, Декъалдеш хьан дахар, айдер ас чагIар… Амма сан воккхавер ма хуьлда-кх хьуна! Стихотворенин оцу тIаьххьарчу могIанехь ю турпалхочун гIайгIанечу синхаамийн кIорге, цуьнца билгалдолу произведенин коьрта маьIна а. Сулейманов Ахьмадан безаман лирика шен билггал къастамаш болуш ю. Оцу синхаамах лаьцна йолу поэтан стихаш нохчийн безаман лирикех къаьсташ ю шайн чулацамца а, маьIница а, исбаьхьаллин басаршца а. Оцу хьокъехь Ахмадов Мусас яздо: Цуьнца цхьаьна цо дохадо нохчийн фольклорехь долу цхьацца бехкаме гураш. Сулейманов Ахьмада кхиамца болх бина лиро-эпически жанрехь а. Евзаш ю цуьнан поэмаш: Церан чулацамехь къоман дахар ду, шен тайп-тайпанчу агIонашкахь гайтина. Нохчийн къоман кхолламехь хьалха дIадаханчу а, хIинцалерчу а шен хьежамашца ойла йо поэта. Жанрийн башхаллашка диллича лирический, эпический, драматический билгалонаш цхьаьанаийна ю поэмашкахь. Философски произведени ю иза. Яздархойн гонашкахь дика тIеэцна поэма. Оцу поэми тIера цхьацца йолу меттигаш бахьана долуш, резабоцуш, цу тIехь Iесалла ю, иза яго еза аьлла, арабевллера цхьаберш, амма иза цаьрга ца дайтинера Ахьмад а, цуьнан поэзи а евзачара. Iаламат мехала бу Сулейманов Ахьмадан Нохч-ГIалгIайчоьнан топоними хIоттош бина болх. Цул тIаьхьа кхузза арахецна оьрсийн маттахь язбина болу и мехала болх. Цу тIехь ялийна лаьмнийн, раьгIнийн, бIаьвнийн, шовданийн, хинийн, яртийн, хьаннийн, ирзойн, ма-дарра аьлча, вайн мехкан массо а меттигийн цIерш. Царах лаьцна халкъалахь долу легендаш, шира хабарш, кицанаш, эшарш дIаяздина автора. Пачхьалкхан преми луш билгал а баьккхина иза. Хьахо деза Сулейманов Ахьмада дина гочдарш. Цо нохчийн матте яьхна А. Сулейманов Ахьмада болх бина нохчийн халкъан барта произведенеш лохуш а, уьш дIаязъеш а. Пхьарматах долу шира дийцар дуьххьара дIаяздинраг а ву иза. Къоман культурин, нохчийн литературин мехала цхьа дакъа ду Сулейманов Ахьмадан кхолларалла. Нохчийн халкъан поэт боху сийлахь цIе шен хьакъ а йолуш лелайора цо. Ишта ца хила йиш а яц поэзин книга, и бакъволчу поэтан книга елахь: Поэто дуьйцург цIенчу даггара хила деза — тIаккхий бен дешархойн дегнашка и дIакхочур вац. Амма поэтан дог мел цIена хиларх, иза шен даймехкан дагах хоттаделла дацахь — цо дуьйцучух марзо оьцур яц кхиболчу наха: Бакъволчу поэтан дог цIена хилла ца Iаш комаьрша а, доккха а хила деза, дерриге а халкъан дог-ойланаш, сатийсамаш шена чухудуш, шена чу уьш тарйолуьйтуш. ТIаккха хуьлу поэт — шен халкъан поэт. Кхечу воккхачу поэта Арсанукаев Шайхис Юсупов Iазим Нохчийн поэт, прозаик, краевед Юсупов Iазим вина шеран 20 февралехь Нохчийчоьнан ширчу юьртахь Девкар-Эвлахь. Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь ЮсуповгIеран доьзал Киргизехь Iийна, Фрунзенски областан ШАЙХИЕВ IАЛВАДИ Поэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана нохчийн литературе. Шовзткъе итт шо сов хан ю иза къоман литературехь хаддаза Асланбековски хIинца Серноводск школа-интерант чекхъяьккхина. Оцу муьрехь цигахь дешна Авторханов Нохчийн къам махках даьккхича, МахмаевгIеран доьзал На Фото Мамакаев ЭдуардАбдулла Арсанукаев. МАМАКАЕВ ЭДУАРД Мамакаев Эдуард вина чу шеран чу апрелехь Соьлжа-ГIалахь поэтан Мамакаев Iаьрбин доьзаллехь. ЦIеяххана волу нохчийн поэт Мамакаев Iаьрби шарахь бен а бехк боцуш Iедало На Фото Кибиев МусбекАбдулла Арсанукаев. На Фото Дикаев МохьмадАбдулла Арсанукаев. Джунид Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан эшарийн, хелхаран ансамблехь говза пондарча хилла, гIараваьллачу нохчийн На Фото Дадашев lабдуллаАбдулла Арсанукаев. ДАДАШЕВ IАБДУЛЛА - Дадашев Iабдулла вина чу шеран чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Катин доьзалехь. На Фото Гацаев СаьlидАбдулла Арсанукаев. Айдамиров Абузар, Абдулаев Зияудди, Арсанукаев Шайхи, На Фото Берсанов Хожа-АхьмадАбдулла Арсанукаев. БЕРСАНОВ ХОЖА-АХЬМАД Берсанов Хожа-Ахьмад вина шеран 5 апрелехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартанан районан ШаIми-Юьртахь ахархочун Ахьамтан доьзалехь. КIентан пхи шо а кхачале да а кхелхина, ненаца бисина кегийра На Фото Арсанукаев ШайхиАбдулла Арсанукаев. Арсанукаев Iабдулла АБДУЛАЕВ ЗИЯУДИН — Абдулаев Зияудин яздан волавеллачу хенахь къоман литературин классик волчу Мамакаев Мохьмада аьллера: О втором этапе проекта "Чеченская литература. Открывается второй этап проекта "Чеченская литература. Персоналии", в котором представлена чеченская литература второй половины ХХ века. Реализация второго этапа проекта предусмотрена на Иллица цуьнан аз хазаза, цуьнан иллеш дукха ца дезаш, мичча хена а радиохула Нохчийн литератрехь дийцаран жанр йолорхо ларалуш ву иза. Арсанукаев Iабдулла ОШАЕВ ХАЛИД — Ошаев Халидан шеран июнь-сентябрь беттанашкахь язйина баллада. Прозехь язйина а йолуш, цIен, кIайн бIаьхойх лаьцна произведении хилла иза. ХIеттахьехь цунна зорбатоьхна Соьлжа-ГIалахь арадолуш хиллачу Арсанукаев Iабдулла НАЖАЕВ АХЬМАД — Нохчийн ХХ бIешеран исбаьхьаллин литетарура йолалучу юххьехь лаьттинчу яздархойн Тучаев Ахьмин, Сальмурзаев Мохьмадан, Дудаев Iабдин, Актемиров Мусийтин могIарехь ву Нажаев Ахьмад. Кхеташ ду церан произведенеш Арсанукаев Iабдулла МУТАЛИБОВ ЗАЙНДИ — Муталибов Зайндин кхоллараллех лаьцна яздархо а, критик а волчу Бурчаев Хьаьлима яздо: Арсанукаев Iабдулла МУСАЕВ МОХЬМАД — Нохчийн халкъан поэта Арсанукаев Шайхис яздо: Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ IАЬРБИ Мамакаев Iаьрбин кхоллараллехь коьртаниг, йоккха меттиг дIалоцушъерг поэзи ю, лирически поэзи. Амма цо прозехь а, драматургехь а Арсанукаев Iабдулла МАМАКАЕВ МОХЬМАД АМАЕВИЧ — Нохчийн литературехь хьалхарчу чкъурах болчу яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъ Iаламат хала, чолхе хилла. Сталинан таIзар лаьттинчу хенахь — шерашкахь — лаьцна Коьрта долчу декъана берашна, кегийрхошна лерина яра цуьнан дуьххьарлера произведенеш. Нохчийн литературехь шен исбаьхьаллин произведенеш Арсанукаев Iабдулла АХМАТОВА РАИСА — Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Арсанукаев Iабдулла АРСАНОВ САЬIИД-БЕЙ — Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Арсанукаев Iабдулла АНЗОРОВА БАЛКАН — ДIадаханчу бIешеран 30—гIий шерашкахь Нохчийчохь цIеяххана евзаш хилла Анзорова Балкан — эшаршлакхархо, поэт, юкъараллин деятель санна. Iаламат тайна, куц долуш, исбаьхьа жима зуда, еха Iаьржа Арсанукаев Iабдулла АЙСХАНОВ ШАМСУДДИН — Айсханов Шамсуддин нохчийн исбаьхьаллин литератури юкъавеъна XX бIешеран гIа шераш дуьйлалучу муьрехь. Арсанукаев Iабдулла Авторханов Iабдурахьман Дуьненахь цIеяххана волу историк, политолог, яздархо Авторханов Iабдурахьман вина Теркйистерчу Лаха-Неврехь ахархочун Гиназан доьзалехь шеран 25 октябрехь. И терхьа шеко йолуш ду, герггарчу хьесапехь билгалдаьккхина хиларна Арсанукаев Iабдулла Бадуев СаьIид-Салихь — Бадуев СаьIид-Салихьах лаьцна болчу шен дагалецамашкахь яздархочо Саидов Билалас яздо: Профсоюз Статьи Видеоматериал Документы Отчеты Карта сайта. Главная История Чеченская Литература Учебная литература Фотогалерея Законы Наши контакты. Нохчийн мотт, нохчийн дош, стихан исбаьхьалла лаккхара лоруш хилла поэта: Поэта а иштта лору дош: Поэта ойлайо оцу кхетаман, цуьнан маьIна дан хьожу иза: Турпалаллин иллешкахь чIагIдо даймохк безар, кхечу къаьмнашца доттагIалла хилар, вовшийн лоруш, цхьабарт болуш хилар, гIийлачуьнгахьа гIо лоцуш, доттагIалла лардеш стогалла гайтар, адамийн оьздангалла, сий лардар: Даймехкан дуьхьа, халкъан дуьхьа муьлхха а халонаш лан а, Iожалла тIеэца а кийча ву иза: Жима полла, хаза полла, Бай тIехь дургал гулъеш лела, Бай тIехь дургал гулъеш лела. Масала, шолгIачу строфан кхоалгIий, йоьалгIий стихаш: Дека, ловзу можа хьоза, Можа хьоза дека, ловзу. ОЬРСИЙН МАТТАХЬ Симфония гор. Абдулла Арсанукаев - Проект - Чеченская литература. Журналы - Вестник window.


Состав россии страны
Можно ли вылечить обструктивный бронхит навсегда
Планирование бюджета проекта
Как зайти в кэш яндекс браузера
Как изменить разрешение экрана mac
Sign up for free to join this conversation on GitHub. Already have an account? Sign in to comment